МАЛИЖА. Дийцар.
(Сайца цхьана классехь дешначу йоь1ан безамна)
Б1аьсте. Цул хаза х1ума хир дуй техьа х1окху дуьненчохь? Нагахь хилахь а, иза а хир ду-кх оцу б1аьстено кхоьллина. Х1ора б1аьста шен хазаллийца цо ц1индо дуьненчохь дахар. Массо а адмашна а до цо хьехар: «Ц1индайша шайн дог, шайн амалш, шайн са а,» – аьлча санна. Ткъа вай шега ладог1ахь а, ца дог1ахь а х1ора б1аьста ца к1адлуш, дуьне-м ц1индо цо. Баккхийнарш-м цхьацца шайн бала бадийна хьийзаш кхин шайна гуонаха хьовсучохь а ца хуьлу, амма берийн синхаамца къаьсттина уьйр хуьлу б1аьстенан. Ца хаьа, бераш а шайн дахаран юьххьехь хилар хир ду-кх и, б1аьсте а санна. Б1аьсте а ма ю шеран юьхьиг, вай керла шо 1аьнаюккъехь даздахь а.
Иза дара 30 шо сов хьалха, иза яра тхан дахаран юьхьиг, тхан б1аьсте. Бераш-м цу хенахь а дара х1инцалерачех к1езига къаьсташ. Гуонахарчу диттийн гаьннашкахь диэкачу зевне олхазарийн аьзнашца къуьйсуш дара берийн аьзнаш ишколан йоккхачу уьйт1ахь а, ишколера ц1ахецна урамшкахула даьржинчера а. К1айнчу басахь кучамаш а, таь1начу басахь хечеш а яра божаберийн ишколан духаран кеп. Ткъа зудберийн – алла коч, шура санна к1айн фартукаш. Оцу хенахь юкъарчу ишколан барам итт класс бен бацара. Тхан классан т1аьххьара ишколан б1аьсте яра т1екхаьчнарг, делахь а оцу хенахь тхо-м дацара цуьнан ойла ян кхуьуш. Дукха хаза яра жималла, цуьнца хазалла къуьйсуш б1аьстенан ялсаманен сурт. Хьанна моьттура и хаза б1аьсте, и мерза жималла цкъа а кхачалур ю! Жималла, къоналла-м х1етте а шовдана хи санна цкъа а кхачалур яц моьттура, тхайн бералла чекхъяьллий а ца кхетара тхо-м. Къоналла т1екхачаран билгалло яра к1ентийн къайлах-къулах делахь а, иэхьаца доттаг1ала доцучеран, деррехь а мехкаршка хьиэжар а, цхьацца х1инццалца ца бевзина болу синхаамаш гучубовлар а. Дуьххьара къуоначу дегнашна чохь кхоллалун безамаш аьлча нийса-м хир дара, делахь а иштта к1орга синкхетамаш а бацара ойланашкахь, «безам», «безамаш» боху дешнаш къамелехь к1енташа а мехкарша а ловзадахь а. Б1аьстенан хазалланий, къуоналлан марзонан чам туобеш т1ехула т1етоьхна моз санна-м дара и безаман дуьххьарлера туохадаларан хаамаш. Дахарехь шадерг а санна цхьатерра д1аекъна-м яцара и адмийн дахарехь уггаре а мерза лоруш йолу дуьненан синъялсамане. Ден-ненан балхахь болчу аьттоне хьаьжжина, уьш хиларе, цахиларе хьаьжжина, ц1ера г1ишлоне хьаьжжина шен къамелан мах хадораш а хуьлура массо а заманахь санна. Ишттачийн «безамаш» боху дешнаш деккъа ц1ена дешнаш а хуьлий дуьсуш а нислора. Бакъбезам бовзар а массарна ца деллачух тера ду-кх Кхолламо. Б1аьстено жима бера аганахь санна техкош, ловзош долчу тхан къоначу кортошкахь мичхьа яра иштта к1орга ойланаш. Холманчана зурма екаро санна, б1аьстено шена т1аьхьах1иттийначу тхуна, х1инца дахаран к1оргенехь тамашена хетахь а, и зурма сихъян лаьара. Тхо-м сихделлера даха, тхуна-м хетара хан-зама дукха тиэкхаш меллаша йоьдуш санна.
Со церан классе 9 классехь керла т1евеъна дешархо вара. Х1окху т1аьххьарчу шина шарахь, парташан шина мог1анехь дехьа-сехьа делахь а, вовшен уллохь дара тхойшиъ. Аг1онцарчу б1аьрсинца гуора суна цуьнан сибат даима а, со хьехархочо динчу хаттарна жоп луш велахь а гуора. Амма цуьнца б1аьргашца вовшех кхетча-м со бухбоцчу аймана чу кхоссавелча санна вовра цуьна б1аьргийн сийналлехь. Оцул хьалха а, т1ехьа а суна кхин гина дац иштта бухбоцуш сирлачу стигалан басахь б1аьргаш. Цхьа ша тайпанчу хаза сирлачу йоь1ан месаша-м оцу б1аьргашан холманчаллин йийсар вора, хьуна мел ч1ог1а дуьхьалло ян лаахь а. Лаахь! Ткъа хьуна-м лаан йиш яцара оцу б1аьргийн айманан йийсарера валан! Б1аьстенах валалой шен ойланца, лаамца? Дера ца валало! Иштта даиманаллен б1аьсте яра-кх оцу б1аьргашчохь. Йара. 1аьнаюккъехь корах арахь оьгуш даккхийн к1айн лайн чимаш делахь а, оцу йоь1ан сирлачу б1аьргашна чохь йара даима а б1аьсте. Оцу б1аьргашчохь гуора б1аьстенан диттийн гаьннаш доьттина к1айн, ц1ен, можа заза, оцу зазийн, аренан зезагийн архьаш яра-кх гуонаха, маликийн, б1аьргуо ца лоцу, сибаташ санна, х1аваиэхь хьийзаш. Ма ирсен стаг хетара сунна суо, ма сайн х1инцца бен дуоладаланза долчу дахаран ирхене хьалахьаьдда моьттура суо. Дахаран лакхенга!