Х1инцлера мангалхой.
(Сатирин пьеса)
Дакъалоцурш:
Мусост – «Вайдаха» литжурналан коьрта редактор
Лисберг – редакторан г1оьнча, секретарь, нохчийн критик.
Дошсолт – прозин, поэзин редактор
Мусит – «Т1орказ» литжурналан коьрта редактор
Бухит – Муситан г1оьнча
Думалоева – «Т1урнене» литжурналан коьрта редактор
Ц1уналоева – Думалаеван г1оьнча.
Гуашов – нохчийн суьрташдахкархо.
1- сурт
Хьаькаман кабинет. Истолан уллохь кресло т1ехь 1аш Мусост ву. Байт кхуллуш ву цкъа ойла еш, т1аккха кехатана т1е д1аязъеш.
Мусост. (Тхевне воьрзуш) Ма къежахьа кхечу к1енташна, Ма къежахьа…
Дера ма къежа, къежане а. Массарна а хьо къежаш хилча, хьо езарш дукха хир ма бу. И харцо ю! Цхьа йо1 цхьана к1антана бен йезийла дац. Ткъа цхьа йо1 массо а к1енташна езахь, иза-м кийчча дов ду. К1ентий вовшен карах белла д1абевлича бисинчу мехкарша х1ун дийр ду? Уьш-м маре баг1ан стаг а воцуш буьсур ма бу, ша и вайн республика топ ца кхуссуш яьккхина болчу бизнесхошка-саг1адоьхучаьрга ца г1ахь. О-о-о! Ма г1урт хуьлуш лаьтта х1окху сан байтах. Байт язъян а г1оьртина, дийнна философин трактат хуьлуш лаьтта х1окхунах-м. Со ву-кх бакъволу яздархо! Дала халкъана вазвина ваийтина…
Ма къежахьа… (Хьалаэккхаш чухула д1асаволало, кисина куьйгаш а духкий. Ша шега)
Дера, дала вазвина ваийтинехь а, и «Халкъан яздархо» олу и еза ц1е-м атта ца ели суна оцу културан министрас. (Телефонан горгли бека. Мусостас шен кресло чу д1анислуш охьахууш лерге хьо телефон). Алле! Со ладуг1уш ву-кх. (жимма соцунг1а хуьлуш). И бохург х1ун ду? Мила ву? Со Мусост ву-кх. Республикан коьрта журналан уггаре коьрта редахтор! (Хьалаг1оттуш нислуш). Ой, шу даг1а могуш, маьрша! Т1аккха ткъа Москохахь х1ун ду? Ло-м ца дог1у цигахь? (Телефонан аппарат т1е куьг дуьллуш д1акъовлуш, ша-шега). Ас х1ун дуьйцу? Аьхкен юккъехь-м Москохахь а дог1ург хир ма дац ло. (Телефонна чу). Т1аккха, могуш 1ай шу? Зуда а, бераш а, лулахой… Х1аъ, аса-м сема ладуг1у. Къастадо аса-м, кхийтира со-м… хьо жима зуда хилар. Хьена секартар ю элира ахьа? Пачхьалкхан коьртачу литжурналан уггаре коьрта редахторан коьрта секартарий? Кхетош ду! (Ирахьаланислуш). Т1аккха, х1ун хьал ду пачхьалкхан коьртачу литжурналан коьрта редахторехь… зуда, бераш… (ахдош олуш юкъах волуш). Ладуг1уш ву со-м… Дийцал ахьа. Со д1аван оьшуш х1ума-м дац цигахь? (Телефон къовлуш, ша шега. Ойлане хуьлуш, ирх хьожуш) Во-м хир дацара цхьана баттана Москоха командировке ваг1ача. Кхин а дика хир дара суна цигахь йовхуо, шай-кай алсам хир йолуш болх-меттиг цара кховдийча. (Телефонан чу) Муха бохура ахьа? Оьрсийн матта даьккхина нохчийн яздархочун дийцарш оьшу шун пачхьалкхан коьрта литжурналана? Ой, дела я хьо могуш, маьрша! Сан ду-кх и нохчийн дийцарш дахьан меттиг а боцуш… (Ладуг1ий) Х1ан-х1а, кхин яздархой аьлла х1ума а дац тхан республикехь кхинарш-м. Царнна-м ларт1ехь ши дош вовшех таса а ца хаьа. Со ву-кх халкъан Дала вазвина… Аьлча а, халкъан яздархо, поэт, драматург, сценарист, публицист, журналист… (Ладуг1уш) Х1а? Х1ун? Тоьур дуй? Со х1инца а юккъе а ма ца ваьлла сайн хьунарш, говзаллаш, пох1манаш, даржаш дуьйцуш… (Ладуг1ий). Мегар ду… Ахьа бохург дер вайшимма… Ткъа хаза юй хьо?.. Бехк ма биллалахь, и ала ца г1ертара со… Мегар ду! Х1окху республикехь мел волчу жима а воккха а яздархойн дийцаршна юккъехь, кхайкхам а бина хаьржина, уггаре диканиш, тоьлланиш кхана д1атосур ду-кх оха шун пачхьалкхан коьртачу литжурналана ц1арах почтехула. (Ладуг1уш) Муха? Муха элира ахьа? Кхин цкъа а алахь. Ми-й-мейл? (Телефон куьйгаца д1акъовлуш. Ша-шега). И х1ун меймал ду цо дуьйцург? Х1умма а дац Люскина хуур ду и х1ун ду, иза ма ю 1уьргара дахка ларбеш 1ен цициг санна оцу компьютеран чу а йог1аелла 1аш даима а. Х1ун самукъадолу хаахьара оцу компьютерх! Телевизор чохь-м цхьацца суьрташ, кинош а гойтура. (Ц1еххьана меттавог1уш, телефон чу). Х1а-ах1? Х1ун? Мегар ду оцу ахь вуьйцучу Ми-меймалегахула а тосур ду оха сан дийцарш…, аьлча а, тхайн тоьллачех яздархочун дийцарш. (Ладуг1ий) 1одика… шун а… Маршалла… соьгара… шайн коьрта редахторе а, зудчуьнга… берашка… (Телефон охьаюьллуш, ша-шега реза воцуш). Хьажахьа, со цхьа-ши дош аьлла а валале охьакхоьсси-кх оцу г1амо и телепо! (Ойлане волуш). Дийцарш… Х1инца-м сан дийцарш пачхьалкхан коьртачу литжурналехь зорбане девр дара! Сан ц1е евзира ю х1инца Россе пачхьалкхан йист йоцучу массо а ме11ехь! Россехь вевзина а 1ийр вац, массо а дуьненчохь вевзира ву со! Пушкинан, Лермонтован, Толстойн а санна… лаккхарчу мог1анашкахь лаьтташ товш хир ю сан ц1е а! Э-х1е-е! Пушкин, ларлуш хир ву-кх хьо! Д1ата1алахь цхьажимма со ву хьуна вог1уш, Мусоста! Мусоста! Яздархошна а юккъехь эла Мусоста! (Ц1еххьана дагадог1уш. Не1 йоьллуш аракхойкху) Люся! Ва, Люся! Схьаядалахь сихонца! Х1а-х1? Дита хьайн шадолу г1уллакхаш а! Хьан х1ун г1уллакхаш хир дара цигахь! Схьа ядалахь сихха, дукхаяхарг! (Не1 д1акъовлуш вухавоьрзу).