Вахит Хаджимурадов.
СТУДЕНТАШ.
(Студенташна комеди 3 декъехь)
Дакъалоцурш:
Ваха Дикаевич – профессор
Хавка Хавчикова – профессоран г1оьнча, ассистент
Лула Кортаева – дика доьшу студентхо
Зуля Хасмагомедалихаджиева – студентхо
Писухан – студентхо
Сутархан – студентхо
Борзхан – студентхо
Божхан – студентхо
Моздар – студентхо
1- ра китайхо
2- г1а китайхо
I дакъа. I сурт.
Делкъанах т1ехъиккхина хан. Университетан хьалхахь. Г1ишлон сурт, даккхий элпашца яздина «Нохчийн Пачхьалкхан университет». Сцени т1ехь университетан хьалха деха г1ант, цунна т1ехь 1аш виъ к1ант студенташ: Писухан, Борзхан, Божхан, Сутархан.
Писухан. (Сутарханан белшана т1е корта а товжийна наб еш ву)
Сутархан. (Писуханан корта тергал ца беш хьалаиэккха, д1асаволало) Ва нах, х1ара вай1н универ болх беш мукъна а юй те!
Писухан. (Г1анта т1евужуш кхин д1а наб йо)
Борзхан. Сутарниг, д1авалахь хьайн декъазчу коьртана бала а ца лоьхуш.
Сутархан. Сан корта-м баланаш чудохку т1орказ дара, баланех дуьззина. Х1ун башхалла ю, цхьа бала дукха, цхьа бала к1езига. Магнитах бина болуш санна, со мел хьалхара д1аидарх, уьш т1аьхьара ца довлуш «ткъап!» – олий суна бен мара ца лелха, уллохь сол а дуккха а хаза, куц долуш сан накъостий белахь а!
Божхан. Дера и бала оцу хьан марахь баллахь а, бале-м тхуна массарна а болу. К1ентий д1адовлийтийша вай универан хьалхара, борз санна волчу Ваха Дикаична к1омсаршна улло вай нийса а ца долийтуш.
Сутархан. Мас сахьт даьлла вайна?
Божхан. (Мобильник т1ехьожуш) Дера ю кестта лекцеш чекхйовлу хан. Хьан телефон юха а охьахиъна?
Сутархан. Ванах, ма тамашен нийсо йоцуш дуьне ду-кх х1ара. Мел ч1ог1а 1уьйрана араваьлча а, нийсса и лекцеш чекхйолучу хенахь бен х1окху универ хьалха ца кхочу-кх со!
Борзхан. Дера, Сутарниг, кхочур вара хьо г1алахь мел йолчу кафешкехула ца ваг1ахьара-м кхуза.
Сутархан. Дера ву сан (ингалсан маттахь) фаде керла нохчалгех тоьллачех цхьаъ. Цо шен туькнашкахь схьагулйо нахарчаш, ткъа аса мелла а компенсаци кафешкашкахь д1ало, кхин а шортта вайн махкахь керла нохчалгаш дебийта!
Писухан. (Самаволу корта ойбуш) Уьш муьлш бу, керла нохчжоьлгаш? Уьш х1унда дебош бу х1окху, Сутархан аьлча а, балийн т1оьрмиго?
Сутархан. Пису, хьуна набарха вон г1енаш го моьтту суна! Нохчжоьлгаш бохург х1ун ду хьан? Керла нохчалгаш бай уьш-м! (Ша-шега) Стенна т1ехь делахь а цхьана х1умана т1ехь бакъ г1енаш-м го оцу Писуханна.
Божхан. К1ентий, довлийта вай х1окху нохчийн рулетках ловзучура д1а!
Сутархан. Божок, и х1ун нохчийн рулетка ю? Уггаре бурса лоруш ерг-м оьрсийн рулетка ма ю. Тапчана беран чу цхьа патарма а буллий, шен коьрте а лоцуш лаг озош, х1орамма а шен рог1ехь.
Божхан. Нохчийн рулетка дера ю цхьа шаьлта вовшен кар-кара а луш шиъ тасалуш. Амма Ваха Дикаичан вай тусалахь вайна хир ю оьрсийн а, нохчийн а ший а рулетка!
Сутархан. Ткъа и муха кхетон деза, ва Божок?
Божхан. Дера деза иштта: цо вайна цкъа тоьпаш а тоьхна, т1аккха шаьлтанца дерина, цистина охьадохкург хиларх.
Борзхан. Дера ч1ог1а самукъадолу цуьнан, вайн ц1оканашна т1ехь дабаг1а деш.
Писухан. (Г1анта т1ехь 1уьллучохь) Дера, цу т1ехула т1е, цунна-м профессоран алапа а ло.
Божхан. Цуьна декхар ма ду вайн ц1оканаш кест-кестта семсаяхар.
Сутархан. Декхар-м дера дацар цуьнан, йа бала а. Ша и «Жигули» эцна самукъадаьлла коча веъна-кх и вайна, вай 1уьйрана меттара г1иттош, суьйрана д1адийшон г1ерташ.
Божхан. Юкъарбахамехь вайн чоьне хьажа маца вог1ур ву-те и?
Сутархан. Х1инцца ас эр ду хьоь! (баттара шаьлта санна катухуш схьайоккху хечин доьхкана т1ера баттара мобилан телефон. Латон г1урту, амма цуьнан батарейка охьахиъна) Хьо йиса моллина! (шен метте юьллу телефон). Божок, хьайниг лохьа соь, сайниг охьахиъна-кх юха а. (Божханегара схьаоьций телефонан нуьйданаш т1ете1айо, лерге ухьу). Хьо мичхьа ву? Со х1оккхузахь ву-кх! (телефон ерзайо Божхане).