Декъашхой:
Ваха – жима стаг, 17 шо, овхаройн тайпана;
Йаха – 16 шо долуш йо1, чинахойн тайпа;
Эмза – Йахин да;
Сата – Йахин нана;
Берс – Йахин ваша;
Висам – Вахин доттаг1а, овхаройн тайпана;
Сана – Йахин накъост;
Т1аус – жима стаг, тумсойн тайпана;
Овда – Йахин шича;
Элси – Йахин шича;
Лорс – Йахин шича;
Донса – Валаргт1ера лор;
Куьри – лор ингалсхо;
Молла – йуьртана молла.
I ДАКЪА. 1 сурт.
ХVI- Б1ЕШЕРИЙН ЧАККХЕНА ЗАМА. ЛАЬМНАШ. ШОВДАНА ЙИСТЕХЬ ДИТТАШ. ШОВДАНА ЙИСТТЕХЬ БЕРД, ОХЬАДОГ1УШ ХИ. СЕХЬА МАЙДА. ЗУДБЕРИЙН ЭШАР: ДАЙМАХКАХ, БЕЗАМАХ. Т1АУС ШОВДАНА Т1Е ВОГ1У. БАСАРЕН Г1ЕБАРТОЙН Г1ОВТАЛ ЙУЬЙХИНА ВУ. ШАЬЛТА, ДОЬХКАНАХ ЙОЬЛЛИНА НОХЧИЙН ТАПЧА.
Т1АУС. (Г1АЙГ1АНЕ ГЕНА ХЬОЬЖУ, ЦХЬАЪ ЛОЬХУ) Йаха… Йаха… мичхьа йу хьо? Луларчу йоккха стага Датус къайлаха ма аьллара соьга, Йаха шовдана йистте йан реза хилар. Со ган дагахь. Соьца! (СИНТЕМ БОЦУШ Д1АСА ВОЛАЛО. РЕЗАВОЦУШ) И ма хьенйелла. (ЙОГ1ИЙ ХЬОЖУ)
(ЙАХА САНИЙЦА ДЕХЬА АГ1ОРА ГУЧУЙОЛУ К1УДАЛШЦА. ЦХЬАЪ ДУЬЙЦУШ САМУКЪНЕ ЙОЬЛУ)
ЙАХА. Хьажахьа, Сана, хьоьга хьжуш-м вац и «г1ебарто»?
САНА. Х1ан-х1а, сан доттаг1, иза лерамен жима стаг хьо лоьхуш ву.
ЙАХА. Х1унда ву и соьга хьоьжуш?
САНА. Йаха, дицделла хьуна?
ЙАХА. Х1ун дицделла? Ца кхета со, хьо х1ун ала г1ерта. Алий йалахь. Даима санна бегаш бо ахьа.
САНА. Ца бо аса бегаш, Йаха, дицделла хьуна Датус вайга хаьттина, маца хьо г1ура йу хи да шовдана? Схьалаца хьайна!
ЙАХА. Хирг хира дац! (ЙЕЛАКЪЕЖА). Со иштта ца ловзу.
САНА. Безамах кхеттарг а, т1амт1ехь санна воьхна хуьлу.
Т1АУС. (ЗУДАБЕРИЙН АЬЗНАШ ХЕЗИНА СХЬАВОЬРЗУ) Суьйре дика хуьлда, Йаха! Дика дац, хьайга хьежийта дика нах.
ЙАХА. Хьан хуьлда суьйре дика… дика стаг! Со-м ца кхета ахьа х1ун дуьйцу.
Т1АУС. Хьуна муха ца хаьа? (ША ШЕГА) Хазачу маьхкарийн амал йу моьтту суна иштта. (ЙАХИГА) Хьоаме йо1, хьажахьа, со атта оьг1аза воьдучарех вац хьуна. Делахь а, маьхкаршкахь товш хета суна шега аьлларг дар а, шен дешан да хилар а.
ЙАХА. Бехк ма билла суна, жима стаг, хьан ц1е а ца хаьа суна. Делахь со-м йац ахьа дуьйцучунах кхеташ. Кхин цкъа а бехк ца биллар доьху, сан аг1ора хьуна цатам хиллехь.
Т1АУС. Аса ма элира хьоьга, со дегабааме вац. Ткъа ц1е-м Т1аус йу сан. Со тайпана турсой ву.
САНА. Жима стаг, хьуна хаан деза тхо йахьйолчу хинахой тайпана хилар, ша и нахчой санна ширачу тайпана.
Т1АУС. Йо1, тхайн лерамен турсойн тайпана баккхийчу наха олуш дерг аса дика кхетийна. Шадолу вайнехан тайпанаш лерамен ду. Ткъа шун хинахойн тайпа сан дегана ч1ог1а йуххера а ду.
САНА. Вай массо а ду цхьана ц1ийнах, амма тхан хинахойн тайп тоьллачех ду!
Т1АУС. Шун тайпана йуккъехь болу маьхкарий Йаха санна хаза белахь, со реза ву хьоьца, хьоме йо1. Хьан ц1е Сана йу, схьахетарехь. Амма со цхьа, ши дош ала лууш вара хьан накъосте, хьо теш а йолуш. Йаха, ахьа пурба лой суна.
ЙАХА. Лераме Т1аус, аса пурба ло хьуна.
Т1АУС. Дика йо1 Йаха, хьо дуьххьара суна гинчу хенахь дуьйна со кхийтира, хьо суна ч1ог1а тайна хилар. Со х1окху дуьнаначохь уггаре а ирсе стаг хир вара, ахьа суна хьо йолчу ван пурба делчи. Хьо ган шовдана йистте ван пурба лой ахьа суна?
ЙАХА. Лераме Т1аус, аса бехк ца биллар доьху, нагахь санна аса сайн лаам боцуш, хьуна бахьана даьккхинехь иштта ойла хьоьга кхоллайайта. Дукха бу вайн хаза а, дика а маьхкарий. Хьо ирсе вен йериг карор йу хьуна.
Т1АУС. Иштта муха эр ду! Йаза, т1ехьийзаш к1ант хила веза хьан т1аккха.
ЙАХА. Т1аус, вайнехан к1ант кхеттал х1ума аьлла аса хьоьга.
Т1АУС. Со нийса кхеттехь, хьан т1ехьийзаш к1ант вац. Суна бакъо лохьа, хьайн ойла хийцайаллалца хьежа.
ЙАХА. Товш дац, вайнехан йо1ца иштта къамел дар.
САНА. Хинахойн йо1ца иштта къамел дар кхерам боцуш а дац, цул сов! Лераме Т1аус, тхо 1адда дитар доьху ас. Тхо хазахета ца даьхкина хин йисте, хи эца а ма дезий тхан.